Курсы валют USD/RUB 66.4725 EURO/RUB 77.7529

Декъалдо

Нохчийн меттан гIарполехь лаьтташ, иза кхиош хазбеш генара некъ беш дог1у «Даймохк» газет. Уггаре а халачу заманахь, нохчийн халкъ махках даьккхина Юккъера Азехь готта хьийзачу хенахь, б1аьстенан маьлх-б1аьрг санна вайн дедайн дахарехь гучуделира и. 

 

Бер  санна ларбеш дукхабезаш болу нохчийн мотт бийца а, язбан а таро елира зорбане долу газето. Тахана хала ду цуьнан мах хаа а, и хадо а, амма цу хенахь 1аламат доккха совг1ат дара иза, «х1ара» ду ала шен долахь х1ума ца дисначу къомана. Байткхоллархой кхиор а, яздархой гучубаха а, 1илманчийн ц1е яккха а, мотт биц цабеш бахийта таро елира «Даймох» газето, цу хенахь «Къинхьегаман байракх» ц1е тиллинехь а, Даймехка дакъа хетар и шийла хийрачу махкахь.

Тахана а к1адо йоцуш къахьоьгуш бу газетан белхахой, цунна чу са диллина, де-буьйса ца лоруш, таронаш ца елхаеш арадоккху цара иза к1ирнах шозза. Меттан экам са заман хийцамийн к1урк1аманех лардеш, цуьнан четар хилла лаьтта уьш.

Тахана 95 шо кхечи «Даймохк» газетан. Цу денна лерина «Нохчийн меттан де» ду Нохчийн Республикин Мехкадас Кадыров Рамзана д1акхайкхина – Дела реза хуьйла цунна! Цундела вайн массеран а деза де ду «Дахмохк» газет дуьненчу даьлла де.

«Столица плюс» газетан коллективо даггара декъал бо «Даймох» газетан  белхахой а, коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар а, газетдешархой а. Дала т1аьхье беркате йойла, белхан кхиамаш совболийла, даима а дехийла «Даймохк» газет! Ирс-аьтто хуьлийла шун доьзалехь!

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

 

 

<< < Апрель 2018 > >>
Пн Вт Ср Чт Пт Сб Вс
            1
2 3 4 5 6 7 8
9 10 11 12 13 14 15
16 17 18 19 20 21 22
23 24 26 27 28 29
30